Суббота, 20.10.2018, 01:03
Приветствую Вас Гость | RSS

Сайт МБОУ "Бильтой-Юртовская СШ"

Меню сайта
Директор школы
Самбиева Малика Мирзаевна
Праздники дня
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Форма входа
Точное время
Главная » 2017 » Апрель » 28 » «Нохчийн меттан хазалла!».
14:04
«Нохчийн меттан хазалла!».

26 апрелехь Республикан Ахьмад-Хьажи Кадыровн ц1арахчу Сийлаллин х1олламан музейхь д1адаьхьира Нохчийн метта денна лерина цхьанакхетар. Цхьанакхетарехь дакъа лоцуш бара дешархой а, нохчийн меттан хьехархой а, хьеший а. Хьешийн ц1ераш яьхча кхузахь яра нохчийн а, оьрсийн меттанийн хьехархо, Россин Федерацин юкъарчу дешаран Лераме белхало Вагапова Асет, г1алин 36-чу Исаев Хьусейнан ц1арахчу ишколан нохчийн меттан хьехархо, Нохчийн Республикин хьакъ йолу хьехархо Батаева Альбика, къинхьегаман ветеран Солтамурадова Аминат, поэт а, журналист а Эльдиева Марет. Кхузахь жам1аш дира оцу денна лерина дешархошна юкъахь кхайкхийначу литературин къийсамна. Къийсам д1акхайкхийнера Ахьмад-Хьаьжи Кадыровн ц1арахчу Сийлаллин х1олламо а, Нохчийн республикан Культурин министерствос а. Школийн дешархоша сочинени язъян езара «Ахьмад – Хьажи Кадыров – къоман баьчча» аьлла ц1е йолчу темехь. Сочиненеш язъеш дакъа лецира вуно дукха дешархоша, къаьсттина билгалъелира ши ишкол; 18-г1а г1алин ишкол, 4-г1а гимнази а. Хазачу маттаца лерина язъйина яра массо а сочинени. Къийсамехь билгалбевлира лахахьара дешархой:

1-ра меттиг яьккхира Гуьмсан к1оштан Бильтой-Юьртан юккъардешаран ишколан 3-чу классан дешархочо Аласханова Айдинас а, Грозни-г1алин №4 йолчу гимназин 8 «Б» классан дешархочо Эвзиева Хедас а, Грозный-г1алин №18 йолчу юкъардешаран ишколан 7 «Д» классан дешархочо Шовхалов Жабраила а.

2-г1а меттиг яьккхира Грозный-г1алин №4 йолчу гимназин 4 «Б» классан дешархочо Газиев Денис а, Грозный-г1алин №106 йолчу юкъардешаран ишколан 4 «А» классан дешархочо Мадагова Миланас а, Грозный-г1алин №4 йолчу гимназин 5 «А» классан дешархочо Махамханова Алинас а.

Цхьанакхетар д1адаьхьира Нохчийн меттан сийлалла хазалла, ненан мотт хааран мехалалла юьйцуш видеороликаш гайтарца, нохчийн поэтийн байташ а йийшира. Цхьанакхетар дерзош толам баьккхинчу кьийсаман декъашхошна а, хьешашна а мехала совг1аташ дира. Хьешийн ц1арах даггара баркалла олуш, лакхара мах хадош бинчу белхан Нохчийн Республикан Ахьмад-Хьажи Кадыровн ц1арахчу Сийлаллин х1олламан белхалошна а, дешархошна а, хьехархошна а баркалла элира Вагапова Асета.

Просмотров: 416 | Добавил: sakura | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
Кадыров Р.А.
Рамзан Ахматович Кадыров, Глава Чеченской Республики
Байханов И.Б.
Байханов Исмаил Баутдинович, Министр образования и науки Чеченской Республики
Куразова М.И.
Куразова Малика Исмаиловна, начальник МУ "Управление образования Гудермесского муниципального района"
Расписание Намаза
Полезные ссылки









Сайт

Яндекс карты
Поиск
Календарь
«  Апрель 2017  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
     12
3456789
10111213141516
17181920212223
24252627282930

Copyright MyCorp © 2018
Создать бесплатный сайт с uCoz